Встреча с поэтом

20.04.2024

Тахана Гуьмсан к1оштан Къеди-йуьртарчу йукъарадешаран ишколан коллективо кхайкхарца дешархошца д1адаьхьира поэтаца, хьехархочуьнца Асхабов 1абдул-1азизаца Нохчийн меттан денна лерина цхьаьнакхетар.

Тидаме йиллинарг коьртачу декъана Асхабовн кхолларалла йара: байташ, иллеш, афоризмаш.

Дешархоша лакхарчу говзаллица йийшира хьешан байташ, элира иллеш, гайтира хелхар.

1абдул-1азизе дуккха хеттарш дира поэзех, г1иллакх-оьздангаллех, поэтан дахарх лаьцна.

Хаза а, лакхарчу говзаллица а вовшахтоьхнера цхьаьнакхетар.

1абдул-1азиза баркалла элира дешархошна а, хьехархошна а, къаьсттина ишколан куьйгалхочунна Домбаева Маржанна а.